ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоь къинтlера яьккхина Коморовскийс


Полша -- аьтто-агlора националисташ бу Варшавера оьрсийн векалаллина хьалха марш дlахьуш, Лахьанан-беттан 11, 2013

Полша -- аьтто-агlора националисташ бу Варшавера оьрсийн векалаллина хьалха марш дlахьуш, Лахьанан-беттан 11, 2013

Къоман дозуш ца хиларан де даздан арабевллачу националистийн хьежамаш болчу полшхоша Варшаверчу Оьрсийчоьнан векалтина оршот дийнахь дина тIелатар бахьанехь оьрсийн Iедалш къинтIера даьхна Полшин президенто Коморовский Бронислава.

Масех эзар аьтто хьежамаш болу полшхойн кегирхой бара оршот дийнахь „Дозушдацаран марш“ цIе йолчу боламе арабевлла. ХIора шарахь Польшин йозушяцаран де даздечохь арабовлу уьш, шайн хьежамаш дIакхайкхон а, Iедалан политикана шайн резабацар довзийта а.

Кест-кеста нисло цу маршийн декъашхойн аьрро хьежамаш болчу политикан а, юкъараллин а боламийн декъашхошца тийсадаларш хилар а. Амма кху шарахь санна дера и хилам хIинцалца схьа цкъа а дIа ца баьхьнера.

Цкъа хьалха мелла а машаре дIайолаелла хилла йолу и марш жимма тIаьхьа летаршка а, полисхошца тийсадаларшка а делира, футболан фанатийн духарш а, юхь тIе йоьхкина туьтмIаьжигаш а йолчу бIе герга кегирхоша аьрро-радикалан хьежамаш болчара дIалаьцна йолчу цхьана хIусамна тIулгаш кхийса долийча. Дукха хан ялале цу метте схьакхаьчначу полшхойн полицин леринчу декъан белхахошна а тIелетира кегирхой, Iедалхошна а тIулгаш а, латийна петардаш а кхуьйсуш.


Полша - Варшавера оьрсийн векалаллина уллехь марш дIахьуш бу ултранационалисташ, Лахьанан беттан 11, 2013

Полша - Варшавера оьрсийн векалаллина уллехь марш дIахьуш бу ултранационалисташ, Лахьанан беттан 11, 2013

​Амма къепедацарш долийначу полшхойн националистийн коьрта Iалашо – иза Оьрсийчоьнан векалтан хIусам яра, Варшавин юккъехь лаьтташ йолу. Векалтин белхахоша журналисташка бинчу хаамашца, гулбеллачара Оьрсийчоьнна гома паролаш а кхайкхош, файерш а, шишанаш а, лоьлхуьйтургаш а кхийсира векалтин кхерчина тIе. Иштта уьш гIиртира Оьрсийчоьнан Полшера пачхьалкхан кхерчана доьгIна долу эчиган ков схьаделла а, цхьаццаберш цу векалтина гуонахьа йиначу кертана тIе бевллера. Вуо лелачара цIе тессина ягийра векалт ларъеш болу хехой чохь Iаш йолу жима бун а, иштта цIе тессира дипломатийн миссина уллохь дIахIоттийна йолчу масех машенах а.

Амма векалтин белхахойх цхьанна а зе-зулам ца хилла, ткъа вуолелаш болу кегирхой сихонца цу метте схьакхаьчначу полицин ницкъаша жимма тIаьхьуо хи деттачу машенашца а, ризаьнкин патармашца а, бIаьрхин доуьйтучу газца а дIасалаьхкира.

Варшавин полисхойн коьртачу комендатурин пресс-секретарь волчу Мариуш Соколовскис журналисташка бинчу хаамца, полисхоша 32 стаг лаьцна. Царна юккъехь бу оьрсийн векалтин гуонахьарчу кертана тIехула бовла гIиртинарш а.

Шен агIора, Полшин арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дина, шаьш националистийн вуолелар емал до, аьлла. Цу министраллин пресс-секретарь волчу Войцеховский Марчина элира, Полшин куьйгалла вуно вас хилла ду цу хиламах, аьлла.

„Цхьа а бехказавалар хила йиш яц и хIума динчарна, Венера конвенци хьажар – иза доккха зулам ду, оха иза емал а до“, - элира цуо.
Венера конвенцица, цу конвенцин буха куг таIийна йолу Цхьанакхетачу Къаьмнийн Юкъараллийна декъа йолу пачхьалкхенаш декхарийлахь ю, шайн лаьттIа тIехь йолу кхечу пачхьалкхийн векалташ ларъян а, церан кхерамазалла Iалашъян а.


Полшин полици ю оьрсийн векалаллина тIе ца латийта дIахIоьттина, Лахьанан-беттан 11, 2013

Полшин полици ю оьрсийн векалаллина тIе ца латийта дIахIоьттина, Лахьанан-беттан 11, 2013

​Цу юкъана вуно оьгIазъяхарца тIеэцна шен векалтина националисташ тIелатар Оьрсийчоьно а. ТIаьхьарчу шерашкахь иштта а ах-девне, ах-машаре ларалуш йолу полшхойн-оьрсийн юкъаметтигаш цу хиламо кхин а алсамох шелйийр ю аьлла, тешна бу тергамхой. Мухха делахь, хIицнале а Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло Полшин Iедалера официала бехкала дахаре кхайкхина.
Полшхойн коьртачу шахьарахь оршот дийнахь кхолладелла долу къепе доцу хьал – иза, дуккхаъчу тергамхоша билгалдаккхарехь, меттигерачу юкъараллехь тIаьхьарчу хенахь вуно телхина долу экономикан хьал бахьана долуш ду. Кризис бахьанехь Полшера гIийлох болу бахархой кхин а къенбелла, ткъа тароне берш, мелхо а, кхин а яккхийчу таронашка кхаьчна.

Нагахь санна кхечу Европерчу пачхьалкхашкахь аьтто хьежамаш болчу боламийн агIончаш цара мигранташна а, бусулба дин лелочарна а дуьхьал политика лелорна а алсам бовлуш белахь, Полшехь кхин хьал ду- цигахь бахархойн оьгIазло уггаре а хьалха экономикан дайшна а, либералашна а, аьрро хьежамаш болчу жигархошна а дуьхьал хьажийна бу. Уьш хета царна шайн махкахь къечарний, таронечарний юккъехь сел доккха доза хиларна бехке. Цаьрца цхьаьна амма хета иштта бIешерашкахь дуьйна шайца гома хилла йолу Оьрсийчоьнан политика а дуккхаъчу халонашна а, питанашна а бехке.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG