ТIекхочийла долу линкаш

Мигрантех пайда оьцу Iедалехь болчара


Оьрсийчоь -- 2014-чу шарахь Iаьнан Олимпан ловзарш хир долчу Сочехь хаамийн-гIирсийн коьрта гIишло еш бу мигранташ, Марсхьокху-бутт 22, 2013

Оьрсийчоь -- 2014-чу шарахь Iаьнан Олимпан ловзарш хир долчу Сочехь хаамийн-гIирсийн коьрта гIишло еш бу мигранташ, Марсхьокху-бутт 22, 2013

Бахархошна хетарехь, тIехIиттина дола деш нах а болуш, леррина чубалош бу махка вьетнамхой а, кхин болу Iаьржа белхалой а.

Цхьаболчара цхьа-ши эзар бохуш,вукхара 3-4 эзар тIера 6-7 эзарне кхаччалц хилар чIагIдеш,билггал мел бу а ца хууш вьетнамхой бу тахана Нохчийчохь Iаьржа белхаш беш. ХIумма а кIезиг бац кхузахь азарбайджанхой а,китайцаш а…Ма-дарра аьлчи цара хаза нехан санна де эшийна пенаш хьохуш,пилта юьллуш,сир-кир деш,йовхачу хенахь кА а тухуш ,хене бовлуш хиллачу нохчийн.Царлахь къаьсттина дукха бу зударий,доьзал охьа а тесна,махках а бевлла,генна балха баха амал доцурш.

Зингатийн бIо санна и тIебаьхкина белхалой бахьнехь, ши куьг хаьдча санна,дан хIумма а доцуш бисна,хIинццалц схьа и хала,нуьцкъала белхаш деш схьабаьхкина меттигера бахархой. Уьш бан а боцуш юрт ян а яц, гIала-м йийца а ца оьшу.Муьлххачу а юьртахь,лоьхуш кIахьега а ца оьшуш, меттигерчу бахархоша схьагойту тIебаьхкина белхалой гулахь Iаш болу хIусам.Вуно атта кхечира со иштачу хIусаме Теркйист кIоштан цхьана юьртахь а.

Маршо радио: -Муха ду гIуллакхаш? Белхаш балой? Мел хан ю шу кхузахь долу?

Уьш а, кхин а дукхах долу хеттарш жоьпаза дисира, тхойшиъ вовшех кхеташ цахиларна.

Оха куьйга эшар, уьшарш еш, халла динчу къамелехь билгалделира вьетнамхойх жимма оьрсийн маттах кхеташ волу «Iилманча» цIахь цахилар а,уьш Нохчийчохь болу кхо-диъ шо хан хилар а…Схьагарехь, сан къамел хилла пеша гонаха хьийзаш карийнарг,юург ян а,хIусаман доладан а бухавитина стаг вара.

Шайн махка баьржинчу генарчу Азерчу белхалойх мелла а шуьйра хаарш долуш карийра суна Новр кIоштера 55 шарера Хаваж цIе йолу вахархо. Шайн юьртахь уьш иттех ву аьлла долийра цо шен къамел.

Хаваж: «Тхан юьртахь иттех ву. Со волчохь а бина цара белхаш.Цара ца а беш белхаш бан абц. Буьйсанна итт-цхьайтта даллалц къахьоьга –кх цара.Церан доладеш ву хьена. ХIора баттахь цаьргара цхьана коьрта тIера 2 эзар схьаоьцуш ду-кх. Кхаба чIогIа атта а бу.Цара ахча а доккху .болх бораха а бо. Ахь дIаелларг юу цара. Лело атта бу ,чIогIа атта бу. Хьажал хIинца Путин а вахна Вьетнаме,гергарло чIагIдан. Вайнаш а мА бу европе а яьккхина дIабахана бехаш».

Маршо радио: Уьш оьзда а ца лела боху,царех цхьацца лазарш а довлу боху…эвхьаза а буьйлу боху.

Хаваж: "Вай дечу ламазора суна ца хаьа ,ца гина.Гиндоцург гина дац. Эвхьаза бовла уьш баьхьар бац. Уьш балийна мА бу.Уьш кхазухь шортта хир бу. Церан доладеш,царна тхов латтош цхьаъ ма ву.Къамел дац цуьнан.Цаьргахь маячокаш хуьлчух тер а ду.навигаторций хьаьккхина нисса схьа тIе а баьхкина, вьетнамцашкара ахча схьа а эцна дIабахна масала тхойгахь уьш болх беш болуш.Шишша эзар охьадуьллу-м боху.Нохчийн ши кIант ву бахар-кх."

Маршо радио: Кхечанхьа бац,ткъа шу махкахь бу и вьетнамцаш а, кхиберш а. Ахь хIун эр дара?

Хаваж: «ТIитI» алале ара-м бохур бу лаахь,Iедалехь болчарна.Iедалдас алахь со а вер ву-кх уьш арабаха ара. Дера вер ву-кх»

Маршо радио: ТIебаьхкинчу белхалой хьокъехь соьга дийцинчу Хаважан къамелехь гуш ду вьетнамцаш а.кхиболу белхалой а леррина махка балош а бу,церан доладеш цхьа билггал нах а бу аьлла иза теш хилар.Цуо жимма а шеко ца йитира Iедалехь болчарна ца а хууш,церан пурбанций бен уьш кхузахь дебийла дац аьлла.ХаОс,
XS
SM
MD
LG