ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Опиум кхиош кхушара рекорд хIоттийна ОвхIан-пачхьалкхо


Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино бахарехь, опиум кхиорца, кхушара ша-тайпа рекорд хIоттийна ОвхIан-пачхьалкхо. ХIора шеран коьртехь, ОвхIанера наркотикех лаьцна кечдечу рапортехь, цу организацера Наркотикийн а, Зуламан а урхалло бахарехь, пхи эзар пхи бIе тонн гулъйина цу махкахь. Иза даханчу шарца дуьстича, 49 процент алсам ю.

Рапорто дийцарехь, героинан коьрта сурсат долу опиум кхиор а лакхадаьлла 36 процентана. Коьртачу декъана, опиум а, кхин йолу наркотикаш а кхиоран меттигаш ОвхIан-пачхьалкхан къилбехь а, малхбалехь а ю. Цигахь талибанан тIемалойн тIеIаткъам алсам бу боху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG