ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIой-Пхьеда ахка йолор ю... цхьана шина шарахь


Иракъ-- Махкал арайохучаргара схьаяьхна йолу кхабанаш, шира чIагарш, хIазарш, Наджаф
Иракъ-- Махкал арайохучаргара схьаяьхна йолу кхабанаш, шира чIагарш, хIазарш, Наджаф

Нохчийчохь археологаш арз до, «беллачерийн гIала» олуш йолу историйн мехалла йолу аренаш хIаллак еш ю, махкахь туризм яьржо йолийначу дуьйна. Оцу меттигашкахь цкъачуьнна белхаш бан буьйлабелла бац, говзанчаша, амма, гучу суьрто гойту, хьал телхаш дуйла.


Шира хIолламаш ахкар, гарехь, хIинцлерачу нохчашна, дика карадирзина хIума ду. Хьалхалерачу заманахь, мел ширачу кешнашкахь дIабоьхкинарш муьлша бу, царна тIехь деший-детий дуй къасто, ца гIуртура нах. Кхоьрур Делан оьгIазлонах. Амма, хIинца-м, ишшта дац.

Нохчийчохь наггахь бен хира дац, я хIоллам а, я шира кешнаш а, дастанза. Оцу хIуманна арз до, даиманна санна нохчийн археологаш. ХIинцалца, къома историйн мах хадош йолу ларшна ма хетта талламаш бан церан йиша ца хиллехь а, тахана, и болх жигара баьккхина цара. Оцу талламаша вокхван жамIа а ца деъна.

ЦIой–пхьеде олучу, ширачу кешний аренгахь, наха йохош ю, историйн мехалла мел йолу хIума. Достуш ду маьлха кешнаш. Иза дийцира археологийн талламийн центран белхахочо Тангиев Мохьмада. Цо бахарехь, махкахь туризм яьржо йолийначу дуьйна хила доладелла и хIума.

Тангиев Мохьмад: «Цига хьаладахана дара тхо. Вай и ЦIой-пхьеде историйн мах болчу хIолламашна юккъеяхийтина ю. Тхуна гинарг дика хьал дац. Хьалоьхуш туристаш ду бохуш нах бу. Массара а яздеш дуьтуш йозанаш ду. Чубуьйлуш нах а бу. Соьга хаьттича, туристийн зона цигахь еллале, говзанчаш талам бан безар».

ЦIой-пхьеде олучу оцу кешнийн аренгахь, карийна йолу даьIахкаш, ши метар сов лекхачу нехан хилла ю бохуш дийца долийна, тIаьххьарчу хенахь. Церан лакхалла мел яра эра дац, амма, уьш даккхий догIмаш долчу нехан меженан дакъош ду, аьлла кхин дIа а дуьйцу археолога Тангиев Мохьмада.

Тангиев Мохьмад: « Уьш а карийна. Амма, цига дIаоьхучу наха юьтуш яц уьш. ДIасакхуьссу. Оцу даьIахкашна талламаш бичий бен хуура дац ша дерг. Морковинан экспедиции цигахь доьххьара хилчу хенахь, бина бу и талламаш. «Беллачеран гIала» оцу хенахь йиллина схьа. Белхаш оха долийча гнура ду, цигахь мел барам болуш боолх хира бу»

Маршо радио: « ТIедогIучу шерашкахь бийра бу аш и белхаш?».

Тангиев Мохьмад: « « Схьадиллина кехат» ду даьккхина. Итум-кхелан кIошт ю иза. Тхан цигахь талламаш бан йиша ю. Цул тIаьхьа, оха тхайн гинарг довзийтича, тхуна «схъьадиллина кехат» лура ду, ахкарш дIадахьа бакъо луш долу. Шарахь, шина шарахь хира ду иза аьлла хета суна».

Туризм, я къома истори, тулура ю Нохчийчохь? И ши а хIума цхьана нисделча дика дара, амма, схьагучу суьртаца, цхьанна эшам а болуш хила йиша йоцуш ду иза. Кхин цхьа хаам а тIетоха мегар бу, мехка Iаламах а, исторех а лаьцна.

ЧIебарлойн махкахь болу Къоьзан-Iам, масех метар совбала болабелла, хIокху деношкахь. Иза хIун ду кхеташ бац могIарера нах а , говзанчаш а. Ала догIу, и меттиг ю, туризм яьржоран уггаре а хьалхарчу рагIе хIоттина. ХIинцале, цига, хIора дийнахь аьлча санна цIар тIехь деттина жижиг даа, хьалавуьгу, махка мел вогIу, турист олуш верг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG