ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналист Политковская Анна еран гIуллакх толлуш хилла бехк-къасторхойн коллеги дIахецна


Журналист Политковская Анна еран гIуллакх толлучу Москох-гIалин кхело тахана дIасаяьккхина бехк-къасторхойн коллеги. Еарин дийнахь дIаяьхьначу кхеташонехь суьдхочо Мелехин Павла, кхелехь кхин дIа дакъа лаца ца луучу кхаа бехк-къасторхочуьн дехар дIадийшира.

Кхелехь кхин цхьа а дIавиллина бехк-къасторхо ца хиларе терра а, шийттаннех, кхелан хIусамехь цхьайтта бен ца хиларна а, кхин дIа и гIуллакх, бехк-къасторхошца къасторах гIуллакх хир дац, элира суьдхочо.
Бехке бечеран адвокаташ цунна дуьхьал латкъам бан дагахь бу.

Адвокатана Мусаев Мурадана хетарехь, бехк-къасторхошна тIеIаткъам бора, цара бехке берш, бакъбарна кхоьруш.

Йийначу Политковскаян берийн адвоката Ставицкая Аннас бахарехь, коллеги дIасакъасторг хилар гуш дара.

Керла коллеги вовшахтухур ю керлачу шарахь, Дечкен-беттан 14-чу дийнахь.
«Новая газетин» журналист Политковская Анна 2006-чу шарахь, ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь йийна ю, шен чуйоьдучехь.

Кхеле озийна пхи стаг ву: талламо цу зуламан коьртехь лоруш волу Гайтукаев Лом-Iела а, цуьнан йишин ко кIант – МахмудовгIара Жабраил, ИбрехIим, Рустам а, милцо хилла волу Хаджикурбанов Сергей а. Царах цхьаммо а бехк шайна тIе ца лоцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG