ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вильнюсера Европан саммитехь Украиница накъосталлин барт хиларе дог доху Европано


Нагахь санна, Вильнюсехь кеста дIахьур йолчу Европан саммитехь Европан Бертан а, Украинин а накъосталлин барт чIагIбарх гIуллакх ца хилахь, гергарчуу шина шарахь иза а эцна лелар волуш цхьа а вац аьлла дIахьедар дина Киевехь еарин дийнахь, Европан парламентан тIехьажаран миссин декъашхочо, Полшин президент лаьттинчу Квасьневский Александро.

2014-чу шарахь Европан парламентан харжамаш бу, тIаккха керла Европан комисси хоржур ю. Ткъа 2015-чу шарахь Украинехь президентан харжамаш бу. «Геополитикан къийсам бу буьйцуш берш. Цигахь къастош бу ерриг Европан а, Украинин а, Европан Бертан а, Оьрсийчоьнан а кхоллам», аьлла хеташ ву Квасьневский.

Оццу дийнахь, Киево Европан Берте кховдош болу билламаш хааме баьхна Financial Times газетехь Украинин Европан бертехь векал волчу Елисеев Константина.

Даханчу кхаарин дийнахь Украинин Лакхарчу Радин рогIехь йоцу кхеташо хенал а хьалха дIайирзира.

Цигахь йийца езаш яра, прокуратурех а, Лакхарчу Раде харжамех а, чубоьхкинчу нахана махкал арахьа дарба дарах а лаьцначу низамийн проекташ.
И тIаьххьарниг тIеэцнехь, 7 шо набахтехь токхуш йолу, Украинин премьер-министр лаьттина Тимошенко Юлия махкал арахьа дарба дан яхийта йиш хира яра. Цунна тIехь лаьтта, цуьнан гIуллакх политикан бух тIехь кхоьллина хеташ болу «Батькивщина» оппозицин цхьанакхетаран агIончий а, адамийн бакъонаш ларъярхой а, Европан барт а.

Лахьанан-беттан 13-гIа де Европан Парламентан тIехьовсархойн миссино билгал даьккхина дара, Украинин Европан Бартаца ассоциацин барт чIагIбаран тIаьххьара де санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG