ТIекхочийла долу линкаш

ШиIатийн дезачу Ашура дийнахь лелхийтарш дина Иракъехь. 40 гергга стаг велла


Иракъерчу Дияла-провинцехь, вала араваьллачу стага еарин дийнахь динчу эккхийтарехь велла, мел-лаххара а 30 стаг. Чевнаш хилла 65-нна.
И эккхийтар хилла, Багуба-гIалин къилбаседехь, шиIаташа имам Хьусайн дагалоьцучу, Ашура дийнахь.

Иштта, Ашура-де билгалдаккха шиаIаташ гулбеллачу Ваист-провинцехь хиллачу шина эккхийтарехь велла 8 стаг. Иттаннашна чевнаш хилира. Ашура дийнахь эзарнаш шиIаташ Карбалаъэ боьлху, имам Хьусайн дIавоьллинчу метте. Карбалаъэхь къиза валар хилла имаман Хьусейнан 680 (ялх бIе дезктъалгIачу шарахь).
XS
SM
MD
LG