ТIекхочийла долу линкаш

Ишта боцу белхаш схьабаьхна мигранташа


Оьрсийчу баьхкинчу мигранташна лерина информаци, Лахьанан-бутт 6, 2013.

Оьрсийчу баьхкинчу мигранташна лерина информаци, Лахьанан-бутт 6, 2013.

Маршо радионо хIокху кIирнахь дийцаре даьккхинчу хаттарна делла жоьпаш

Юккъерчу Азера, Китайра, Вьетнамера а Нохчийчу оьхучу мигранташа белхаш боцуш буьту меттигера нохчий. Коьртачу декъана, гIишлошъярхой. Бухарчу бахархошна царах ницкъ ца хуьлуьйтуш, Iедалшка муха ерзалур яра, республикехь белхан меттигашца а, мигранташца а йоьзна проблема? – бохуш дара иза.

Маршо радион корреспондентца къамел дира, хIинццалц пенаш хьоьхуш, кир-басар деш, белхаш беш хиллачу нохчийн зударша. Сацитас бахарехь, тIебаьхкинчу мигранташа белхаш цара санна лерина ца бо. Делахь а, церан тIах-аьлла хиларх, йоккха конкуренци хилла зударшна.


Iедал тIехьожуш хила деза аьлла хета Лайлаана, белхашца кхолладеллачу хьолана.


Маккина хетарехь, дукха баьржина мигранташ арабаха беза Iедалша.


ТIамех чекхбевллачул тIаьхьа хьал нис а далазчу республике баьхкинчу мигранташа долчунна тIе а талхадо бахархойн дахар, боху Амната.


Юьртарчу нехан кхин белхаш бац, гIишлошъярехь берш бен, бохуш латкъамаш бо Маликас.


Хьумид тешна ву, мигранташна йоьзна политика, нохчийн къомаха болу нах республикера арабаха Iалашонца дIахьош хиларх

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG