ТIекхочийла долу линкаш

«Да ваьлла ца волуш, да вала ца вуьтуш...» бу нохчийн мотт


Нохчийн меттан де ишта даздо Нохчийчура Iедалша, Соьлж-гIала, 25Оха2013

Нохчийн меттан де ишта даздо Нохчийчура Iедалша, Соьлж-гIала, 25Оха2013

Дукха хан йоццуш, оьрсийн пачхьалкхан ДУМАн депуташа шайн 44-чу кхеташонехь йийцаре йинера, Оьрсийчоьнан Федерацин низаман «Оьрсийн Федерацин къаьмнийн меттанех» лаьцначу низаман проект. Цуьнца а догIуш, дуккха а гаттонаш хир къаьмнийн меттанашна. Коьрте боккхуш бу оьрсийн мотт.


Нохчийчохь тIехдика вевзаш волчу байтанча-журналистан Абдуллаев Лечин дешнаш коьрте хIиттош, хIара нохчийн маттах къамел доладар лаа дац. Стенна аьлчи и дешан говзанча, шен ненан матто тахана лов къа-бала, цунах пайда ца эцаро и лечу хьолтIа баккхар кхета а деш,виллина цунна орцах вуьйлуш схьавогIучех цхьаъ ву.

Iуьллуш болу мотт гIатто,байтанча-гочдархочо Хатаев Хьусайна ма–аллара, цу дешан шуьйрачу маьIнехь и бацо, дикачу агIор цу маттана тIеIаткъам бан йиш ерш партал Iийр бара аьлла ца хета, шайн ненан маттахь деша а, доьшург кхето а хиъна, царна Абдуллаев Лечин синхааман турпалхочо нохчийн маттах еш йолу ойланаш евзича.

Уьш хIумма а гомха яц,цара карладоккху уьншарахь яханчу хене дирзинарг а, тахана маттана гонах деш долу зевне тIаьхьло йоцу къамелаш а, цуьнгара шегара схьахеза балане узам санна, «гIайгIане» мукъамаш а. Цу а, кхечу а кепара лазаме ойланаш гIиттош дека «Дош» байт юкъара ас даладо Лечин дешнаш.

Сан мотт цIера баккха амал хилча,
Арахь иза хаза хилла да;
Вайн нохчийн мотт кху дуьненна хиъча,
Вайн нохчийн мотт-и вайн ворхIе да!
Со вайн меттан меттан- мотт гуш сеца,
Меттан боцург синна даймохк бац.
ДегIан сацкъар,дIахьулбан
ДIаэца тоьа цхьа-ши аьрша лаьттан барз.

Ткъа синошна, синошна хIун де вай,
Кху дуьненнал йолчу ойланна а!
Мерза ваша, ма Iелахь хьуо левай,
Ма хилалахь ойла со леван а.

Абдуллаев Лечин синхааман турпалхочо ша тахана вела дIавер волуш санна сагатдо нохчийн меттан кханенан. Цунна кхето нуьцкъала киртиг ю, къам къомах туьлуш гар, нохчийн мотт хIора шо шаре мел долу эшна богIуш хилар, цунах пайда эцар гатлуш хилар.

Дозанаша гота мел хьовзий а,пана хила Iема хьуна са.
Нохчийн меттан зилкоьртан дозий бен.
Кхин хIун дисна ларо хьан я сан?

ДегIан сацкъар дIаоьцур бу лаьтто,
Вайн сих дуьсург цо бо лаьттах мохк.
Вайн сих диса, тIевогIучо гIатто,
Кхин хIун ду вайн,бацахь и вайн мотт?

НобелгIеран шерет вайн ца къуьйсу,
ЦIахь «пайхамарш» довла гIерташ дац.
Вай ца дуьйцу, нохчийн матто дуьйцу,
Къасто гIерташ хьан, сан букъах харц.

Ненан маттахь долу хьал тIех дика долуш санна,меттигера Iедал,оьрсийн матах шуьйра пайда а оьцуш, сапаргIат Iаш а долуш,кхидолу къаьмнаш саготта ду шайн меттинашкахь тахана яллочу гIелонна а,оццу оьрсийн матто царна бечу тIеIаткъамна а.Схьахетарехь, цундела йо цхьадолчу къаьмнийн векалша шайн меттанашка «ког хецийта» само,цундела и мотт ца хилча,къам хирг цахилар кхета а дина,цара лерса а,бIаьрса а ирдина,зерашка а дохкий ахкаме дуьллу кегийчу къаьмнийн меттанаш хьокъехь тIе мел оьцу керла низам.

Цунна къеггина тоьшалла ду аьлла хета,цхьаболчу депутаташа дийцаре даьккхина»Оьрсийчоьнан къаьмнийн меттанаш»хьокъехь Пачхьалкхан Думехь тIеэца кечдеш долу низам. Кегийчу къаьмнийн меттанашна эшам беш йолу цуьнан дуккха а агIонаш Iораяьхначех цхьаъ ву цигга Думехь културан а, Iилманан а, дешаран а, къоман хеттарийн а Комитетан коьртехь волу Валеев Разиль.

Цо бинчу талламаша ма-гайттара керла кхуллучу низамехь цунна дукха кхачамбацарш карийна кегийчу къаьмнийн меттанашна вуно харц тIеIаткъам бан тарлуш.Царех ду оьрсийн маттахь хааме мел даьлларг кегийчу къаьмнийн меттанашкахь а гIардаккхар тIедожор а. Иза ванне реза вац «Российская нация» бохучу терминна а. "Цу билгалдаккхаро, боху депутата Валеевс, тIе ца дуьту къоман ша-тайпаналла, аьлчи а билггал цхьа стаг-юьхьша оцу я кхечу къомах хилар».

Цу низамехь хааелла цу кепара галморзахаллаш дуккха а ялайо Валеев Разила. Бакъду Нохчийчохь маттана тIебазбелла цхьа а кхерам бан а боцуш санна сурт ду тергалллуш дерг.

"Кхузахь маттах дог лозуш Iедалдай а бан а бац. Цара,шайн ворхIе а дех бисча санна пайдаоьцуш берг гIазкхийн мотт бу. Мотт леш хиларрий,и ца хилча къам къомах даларрий тахана уьш кхето гена бу. Кхана хиндерг Делехь ду, амма тахана маттеххаалург ле цамгарра-м ю. ХIун «къаьхьа я къематан де" хIотто деза маттехь, Iедалехь берш цунна тIеберзо.
XS
SM
MD
LG