ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Аль ТаухIид Бригадера» командир аль-Iаббас Юссеф вийна Хьалебехь


Шеман къилбаседера Хьалебехь вийна гIаттамхойн уггар Iаткхъамечух лоруш хилла, «Аль ТаухIид Бригадера» командир аль-Iаббас Юссеф. Шеман оппозицин жигархоша бечу хаамца, еарин дийнахь Асад Башаран эскарша Хьалебана тIе хIаваэра ракеташ йетташ хиллачу чевнех велла ву аль-Iаббас. Чевнаш хилла кхин а шина командирана.

Кхатаро гIо деш йолу «Аль ТаухIид Бригада», Шемарчу оппозицин уггар йоккхачех йолу герзан тоба ю.

Шеман президентана Асад Башарана муьтIахь болу ницкъаш, шайна юкъахь «Хьизболлаъан» тIеманхой а болуш, ши кIира хьалха Хьалебана тIебирзира, гIаттамхоша дIалаьцна кIошташ схьаяха а, Асадан урхалла дIахIоттон а Iалашонца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG