ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Биометрикан паспорташ долчу молодовхошна Европан Берте бахар аттачу доккхур ду


Биометрикан паспорташ долчу молодовхошна Европан Берте баха оьшу визанийн билламаш аттачу бахарца йоьзна ойла кховдийна пIераскан дийнахь Европан Комиссино. Цу тайпа гIулчо аьтто боккхур бу молдовхойн, виза йоцуш, Шенгенна юкъайогIучу пачхьалкхашкахь 90 де даккха.

Цу хьокъехь долчу низаман проект, Вильнюсехь кеста дIахьур йолу Малхбалерчу Накъосталлин Европан саммит чекх яьллачул тIаьхьа арахоьцур ю. Амма и низам болх бан доладалале, Европан Парламенто а, Европан Бертан массо декъашхоша-пачхьалкхаша а къобалдан деза.

Комиссино бахарехь, Украино а йоккха гIулч яьккхина визанаш аттачу яхарехь. Амма Киево кхин а алсам дан деза дискрминацина дуьхьало еш а, тхов-кIело яларехь а. Гуьржийчоь а хастийра, цо прогресс еш хиларна. Делахь а, Европан бератца йолу визинаш дIаяхарехь кхин а бан безаш некъ бу, элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG