ТIекхочийла долу линкаш

Тахана дуьйна тонкина массо кепара реклама йихкина ю Оьрсийчохь


Оьрсийчохь тахана болх бан доладелла, тонкина массо кепара реклама яр доьхкуш а, билгалъяьхна йоцчу меттигашкахь тонка узучунна гIуда тухуш а долу низам.

Белхан меттигашкахь, дешаран хьукхматашкахь, културин, спортан, могушаллин а; нах бехачу, тIекIалъйинчу хIусамийн ламеш тIехь, вокзалашкахь, аэропорташкахь а тонка оьзначаргара гIуда доккхур ду 500 соьмана тIера 1,500 соьмана тIекхаччалц.
2014-чу шеран Мангал-баттахь дуьйна тонка озар доьхкур ду ресторанашкахь, барашкахь, юкъара Iойлехь, хьешан хIусамашкахь, гена йоьлхучу цIерпошташна тIехь, цIерпошташка хьоьжучу станцешкахь а.

Тонка узучарна леррина билгалъяьхна меттигаш хир ю. Оьрсийчохь тонка узуш 39 процент бахархой бу. Я, кхечу терахьашца аьлча, 44 миллион стаг.
XS
SM
MD
LG