ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-гIалахь пхи тIемало вийна


ХIинжа-гIалахь пхи тIемало вийна, царна юкъахь, Къилбаседа-Кавказерчу гIаттамхойн декъашхо Соколов Дмитрий а, аьлла дIахьедар дина шоьтан дийнахь, Дагестанерчу бакъонийн органийн векало. Цо дийцарехь, Соколов, дукха хан йоццуш, Волгоградехь автобусана тIехь динчу эккхийтарна бехке вара.

ХIокхул а хьалха, Къоман Террорана Духьало Ечу Комитето хаам бинера, го а бина, Семендерера хIусамна чохь бисина хиллачу тIемалошца дIа-схьа къамелаш дечу хенахь, Волгоградехь дина хилла эккхийтар а, кхин йолу теракташ а, Соколовс шена тIелаьцнера, аьлла.

Полисхоша го бинчу хIусамна чуьра араяьккхина жима зуда а, цуьнан цхьа шой, ах шой долу йоI а. Бакъонашларъярхоша дийцарехь, царна и шиъ гина яц. Ницкъаллийн структурийн векалша дийцарехь, керта автобус а йигина, цу чу хаийна дIайигина зуда а, цуьнан бер а.

ГIадужу-беттан 21-чу дийнахь хиллера Волгоградехь эккхийтар. 6 стаг вийра, 40-нна чевнаш йира. Эккхийтар динарг яра боху, Дагестанан яхархо Асиялова Наида. Цунах хIумма а ца йисинера, деккъа цхьа паспорт доцург. Эккхийтар тIехь долу видеога хьаьвсинчеран Iедале шортта хаттарш ду цо хьокъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG