ТIекхочийла долу линкаш

Кабулехь, Лойя Джирга дIаяьхьа кечъйинчу меттигана уллехь эккхийтар дина


Нуьцкъала эккхийтар хилла Кабулан малхбузе йистехь, шех Лойя Джирга олу, ерриг ОвхIан-пачхьалкхан векалш а гулбелла, Кабулна а, Вошингтонна а юкъара Кхерамазаллин Барт бийца «Йоккха Кхеташо» гулъян кечъеллачу меттехь.

Меттигерчу хенаца делкъал тIаьхьа кхоъ даьлча, вала арваьлла хиллачу стага ша шех эккхийтина, Дешаран Университетан комплексана уллехь. 34 провинцера ши эзар ах эзар делегаташ бу Кабуле кхайкхина. ТIедогIучу еарин дийнахь Кабулехь дIахьур йолуш ю и «Йоккха Кхеташо». Цу гIишлонна уллерчу кIошташкахь леррина кхерамазаллин раж юкъаяьккхина масех кIира а ду.
XS
SM
MD
LG