ТIекхочийла долу линкаш

Шемара химин герзаш стенгахь хIаллакьдийр ду хууш дац


Дуьненаюкъара Химин Герзашна ТIехьожучу Организацино пIераскан дийнахь къобалъйина, Шемара химин герзаш хIаллакьдаран план. Амма Албанино хьалххе дуьйна юхатоьхна, шен латта тIехь уьш хIаллакьдарца йоьзна ойла.

Албанин премьер-министро Рама Эдис элира, «оцу операцехь дакъа лацар, хила йиш йоцу хIума ду Албанина», аьлла. Цу махкахь акциш дIаяьхьнера, шайн Iедалша иза тIеэцарна кхерабеллачу албанхоша.

Химин Герзаш Дехкаран Организацино дехха цхьаьнакхетар дIадаьхьна, Шемар герз хIаллакьдаран план тIеоьцуш. Амма цъкачунна ца хаийтина, иза стенгахь дийр ду. Шен химин герз шайн дозанал арахьа хIаллакьдан лууш ю Шема.
XS
SM
MD
LG