ТIекхочийла долу линкаш

Казанехь толлуш ду кема эккхар



Оьрсийчуьра талламчаш бу ГIезалойн шахьарахь Казанехь, чуьра 50 стаг а леш, кема дохаран бахьана къастош. Ши «Iаьржа яьшка» схьа а карийна, уьш толлуш бу говзанчаш. Иштта лохуш ду кемалелочара дина аудиокъамелаш а.

Телевизионехула яржийначу видеоматериало гойту догу кема, нийсса бIостанехьа некъа тIе охьа а доьжна, оьккхуш. Боинг 737 лайнер иккхина кIирандийнахь шен Москох- Казань рейс кхочушйина долуш. Беллачаралахь ву ГIезалойчоьнан президентан воI Минниханов Ирек а, ГIезалойчоьнан ФСБ-н урхаллин куьйгалхо а.

Казанерчу аэропорто эцале 23 шо долу кема лаьттина кхечу а хьукматийн долахь.
XS
SM
MD
LG