ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жима йоI хьийзийна лаккхарчу эпсаро



Ставропол-махкахь полицин подполковник, балхара а вохош, лаьцна цо 9 шо долу йоI хьийзорна. Коваленко Олег ву иза. Курскан кIоштахь ша тIехьийзачу йоьIан 9 шо долу йиша ю цо хьийзийнарг.

Къилбаседа Кавказерчу полицина йийбар а, духар а, кхиболу гIирс а латточу хьукматан куьйгалхо лаьттина Коваленко Олег хIинццалц. Талламчашна хетарехь, хIинца эпсаро хьийзийна бер дац цо дуьххьара хьийзош - хьалха а дийлина цуьнгара и тайпа зуламаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG