ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мел мах бу интернет-захалонан?


Интернет-захалонан васт, коллаж
Интернет-захалонан васт, коллаж

Алссам даьржина нускал, тIехьийза кIант интернетехь карор а, оцу гергарлонашца керла доьзалш кхоллалуш а. Маршо Радионо кху кIиран хаттар дузу оцу агIонца. Тешаме дуй интернетехула кхолладелла захало? Шу даьхьар дарий оцу кепана шайн а, шайн берийн а кхоллам тешо?



ТIаьххьарчу заманахь нохчий дуьне ма-дду баржаре терра, лахбелла кегийрхой вовшашна бевза некъаш. Атта дац кIантана зуда каро а, зудаберана маре дан а. Алссам даьржина нускал, тIехьийза кIант интернетехь карор а, оцу гергарлонашца керла доьзалш кхоллабалара а. Маршо Радионо кху кIиран хаттар дузу оцу агIонца. Тешаме дуй интернетехула кхолладелла захало? Шу даьхьар дарий оцу кепана шайн а, шайн берийн а кхоллам тешо?

Къамелехь дакъалаца, зIене довла тхоьца. Горгали а баийтина, охаьйилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене. Нохчийчуьра телефон тухуш:10 42 07 24 01 98 32.

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефонна тΙе – 8 926 23 60 4 65.
XS
SM
MD
LG