ТIекхочийла долу линкаш

ГIажаройн векалтна тIелетта Бейрутехь



Ши эккхийтар дина ГIажарийчоьнан Бейрутерчу векалтна хьалха шинарий дийнахь. Велла лаххара а 23 стаг. Либанера гIажаройн векал ца лазийна. Амма вийна синмехаллин атташе Ансари ИбрахIим.

ГIажаройн векалт лаьтта Бейрутехь шиIатойн Хьизболлан боламхой алссам бехачохь. Ткъа Хьизболла ю Шемин президентехьа Асад Башарехьа тIемаш бечу ницкъех. Талламчаша бахарехь, ши стаг ву машенца иккхинарг. Либанерчу Ал-Кхайдан декъан лидеро Iаззам Iабдуллас шен тобанна тIеэцна эккхийтар. ГIажарийчоь Шемарчу Iедална тIетовжам бен мохк хиларна дина шаьш и зулам, хаам бина Iаззама.
XS
SM
MD
LG