ТIекхочийла долу линкаш

Тимошенко Юлиях дозу Украинан сий



Украинан парламенто еарий дийне дIатеттина махкахь премьер-министр лаьттина Тимошенко Юлия, цунна Германехь дарба дечу юкъанна, набахтера мукъаяккхар дийцаре дар а, оцу хьокъехь низам юкъадаккхар а.

Европан Бертана хетарехь, харжам а беш, политикан буха тIехь къастийна таIзар ду зудчунна Iедало динарг.

Карара бутт бовш «Малхбалера Юкъарло» олучу проектехь Европана шайн пачхьалкх гергайигар тIечIагIдечу Вильнюсерчу саммите баха безаш бу Украинан векалш. И гергарло тIе ца чIагIдан а тарло Европано, Украинан парламент Тимошенкона къинхетам а ца беш, юхахьа ялахь.

Тимошенкох долу низам шинарий дийнахь дара дийцаредан дезаш, амма депутатийн барт ца хилла цунна де къасторца. Оцу юкъанна ЕвроБертан арахьарчу гIуллакхийн министрша дIахьедина, Украинана шен къинхетамалла гайта елла хан кхачош ю, аьлла.
XS
SM
MD
LG