ТIекхочийла долу линкаш

Закъалтах ханна мукъабаьхна цхьаболу гринписхой



Шишша миллион закъалтна а доккхуш, ханна набахтех паргIатбитина Петарбухан кхело IаламIалашдархойн Гринпис юкъараллера виъ жигархо – Бразилера Масиэл Анна а, Керлачу Зеландера Осман Дэвид а, Аргентинера Перес Мигел а, Полшера Жиемянчук Томаш а.

Оршотдийнахь оццу кхело, закъалт а оьцуш, ханна набахтера дIахийцира Оьрсийчоьнан кхо вахархо-гринписхо – Запсе Екатерина а, Синяков Денис а, Аллахвердиев Андрей а.

18 пачхьалкхера 30 стаг ву Оьрсийчоьно шен мехкдаьтта доккхучу Арктикерчу Газпром-корпорацин дозанал чоьхьа а ваьлла, цунна тIелеттарна бехкевеш. Ткъа Гринписан жигархой лерина бара, цара бахарехь, Iалам талхочу меттигна тIеIаткъам бан. Хулиганалла ду гринписхошна бехкедийриг. Тоха тарло хенаш ю 7 шаре кхочуш.
XS
SM
MD
LG