ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсашна баледаьлла кавказхойн хелхар



Кисловодск-гIалахь меттигерчу медицинан колледжера 18 дешархо дIаваьккхина цара гIалин майданахь кавказхойн хелхар дарна. Иттех де хьалха оцу бахьанийца лецна, гIуданаш а тоьхна, дIахецна хилла кегий нах. Амма колледжан куьйгалхоша кхин а шагдина таIзар.

Кху аьхка оццу бахьанийца, нах лелачу меттигехь хелхаваларна лаьцна, хулиганаллах жоп дала бехктакхаме озийра Пятигорскехь 4 кавказхо. Иштаниг кхушара нисделира Ставропол-шахьарахь а – цигахь дешарх вохийра виъ гIалгIа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG