ТIекхочийла долу линкаш

Зарратах дозу дийцарш дIадуьйладелла Женевехь



Заррат герзан да йолчу 6 пачхьалкхан а, ГIажаройчоьнан а векалш гулбелла Женевехь дийцарийн рогIерчу раунде. Шен зарратан программех цхьа гIулч а ГIажарийчоьно юхайоккхур яц, аьлла, оцу мехкан лакхарчу аятоллас ХIаменаи Iелас телевизионехула къамел динччу юкъанна нисделла цхьаьнакхетар.

Дийцарийн Iалашо ю ГIажарийчоьне зарратан маьIда - уран 20 проценте кхочучу тIегIане ца даккхийтар, цунах герз ца дайтар. Заррат герзах жоп луш йолу пачхьалкхаш тешна ю гIажароша и Iалашо дIа ца тесна бохучух. Амма ТехIерано харц до ша зарратан герх кхолла гIерта аьлла лела шеко.
XS
SM
MD
LG