ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан Рада лара ца елла «Тимошенкон низам» тIеэца



Украинан парламенто тIе ца чIагIдина набахтехь кхобу премьер-министр Iийначу Тимошенко Юлияна дарба дайта иза дозанал араяла магаде низам. Иштта хIоьттинчу хьоло шеконе буьллу Украинан ЕвроБертана герга юьгу некъ. ХIунда аьлча, тIедогIучу кIиранах Вильнюсехь Европан саммито къастор ду, мел мега Европанна Украина шена герга озон. Ткъа иза нислур ду нагахь санна демократин а, низаман а барамаш Киево Европерчу хьелех дIатарбахь.

Украинан Радехь низам дийцаре деш, президент Янукович Виктор тIетевжаш йолчу Регионийн Партино чекх ца далийтина иза. Оппозицино ша президент бехкево низам тIеэца цо новкъарло еш хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG