ТIекхочийла долу линкаш

Карзай Хьамида Лойя Жиргане дехна



ОвхIанистанан президента Карзай Хьамида шайн эзарнех лаьттачу халкъан кхеташоне Лойя Жиргане дехна ша Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташца тIеэца кечден кхерамзаллин пакт къобалдар. Оцу пактан проекто Iамеркан ницкъашна бакъо ло ОвхIанистанера эскарш тIедогIучу шарахь арадаьхча а гIеххьачул тIеман дакъош бухадита.

Еарий дийнахь Лойя Жиргаца къамелехь ша волуш Карзайс элира, ша ца теша Iамерках, Iамерка а ца теша шех, аьлла. ОвхIанхоша Iамеркахой бехке бо цара шайх дуккха а нах бехказа хIаллакбарна. Кхаарий дийнахь Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона а элира оцу хьокъехь. Ша а, Карзайс а Iамерко къинтIера баха беза шена овхIанхой бохург цкъа а ца хьехийна, аьлла.
XS
SM
MD
LG