ТIекхочийла долу линкаш

ГIажаройн зарратан программа ю Женевехь юьйцуш



ГIажарийчоьнца дийцарш дIахьош бу зарратан герз шайн долахь долчу 6 пачхьалкхан векалш. Бертахойн тобан пресс-секретара Манн Тома хаам бина, ГIажаройчоьнний, дуьненний юкъахь лаьтта цатешам дIа ца баьлла хIинца а, аьлла.

ГIажаройн агIор дийцарийн коьртехь волчу Аракхчи Iаббасца дийца кхин а мехала къамелаш дисина, элира Манн Томаса цхьаьнакхетар дIадоьдучу Женевера. Дийцаршкахь ю ГIажарийчоьнан зарратан программа, цуьнга зарратан герз ца кхуьллуьйту некъаш а, оцу пачхьалкхана тоьхна лаьттачу эмбарго лахъяр а.
XS
SM
MD
LG