ТIекхочийла долу линкаш

Темирханов Юсупан арз луьстур ду Лакхарчу кхело



Нохчийчохь тIемаш бина а, цигарчу Таьнгичохь Кунгаева Эльза ерна а бехке вина хилла полковник Буданов набахтера мукъаваьлча верна Москох кхело бехкевинчу Темирханов Юсупан арз толлур ду Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело тIебогIучу ГIуран-беттан 4-чу дийнахь. 15 шо хан кхайкхийра Темирхановна набахтехь яьккха ах шо хьалха йирзинчу кхело.

Амма Темирхановс ша хIуманна а бехке ца лору. Оцу юкъанна цуьнан адвокатна Мусаев Мурадна духьал а бехктакхаман дов гIаттийна талламчаша, цо Темирхановн кхеле теш ахча а делла кхачийнера, аьлла.
XS
SM
MD
LG