ТIекхочийла долу линкаш

Путина Европа бехкейо «шантаж» лелорна



Оьрсийчоьнан президента ЕвроБарт бехкейина, цо Украинана тIеIаткъам а бо, «шантаж» дуьхьал а яьккхина, аьлла.

ЕвроБерто Украинана шеца парггIат йохк-эцар лелон магор Тимошенко Юлия Германе дарбадан яхийта набахтера дIахецарца дузура. Оцу хьокъехь ду Путина бохург. Ткъа Украинан премьер-министра ЕвроБертана мохк гергабуьгу низам шайн парламенто тIецаэцар дузу Украина Европах шен таронаш йоза къен хиларца.

Оппозицино президент Янукович Виктор бехкево, иза Москохна «вохкавелла» бохуш. Киевехь а, кхечу гIаланашкахь а гуламаш лаьтта парламентна резабоцчу жигархойн.
XS
SM
MD
LG