ТIекхочийла долу линкаш

Карзай цкъачунна реза вац Iамеркахошца пакт хIоттон



Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа кхерамзаллин пакт карара шо чекхдалале тIечIагIдар дехначу ОфхIанистанан президентан Карзайн пресс-секретара Файзи Аймала хаам бина, шайн пачхьалкхо и кхайкхам тIе ца оьцу, аьлла. «ОвхIанистано сихаллийца дийр дац ишттаниг», дIахьедина Файзис.

2014-чу шарахь ОвхIанистанера Iамеркан эскарш дIадоьлхуш, царех эзарнаш бухабита бакъо лучу пактан проект ю Цхьанатоьхначу Штаташа Карзай Хьамиде кховдийнарг. Карзайс ша дуьхьал вац кхерамзаллин пакт хIоттон, амма сихвелла иза дан шена ца лаьа, элира хьалхо. ОфхIанистанан халкъан кхеташо Лойя Жирга ю карарчу муьрехь пактан проект йийцаре еш. Цул тIахьа бен кхочур дац документ парламенте.
XS
SM
MD
LG