ТIекхочийла долу линкаш

Корматаллин юкъараллаш денъяла ца туьгу


Нохчийчоь - Хьехархойн профессиналийн юкъараллан гуламехь, 4Тов2012

Нохчийчоь - Хьехархойн профессиналийн юкъараллан гуламехь, 4Тов2012

Советан пачхьалкхаца цхьана йоьхна профессионалан цхьаьнакхетараллаш меттахIиттаза ю дуккха мехкашкаш. Ткъа белхалойн йолуш йолу юкъараллаш а яц хила ма-доггIу шайн гонашка язбеллачу нехан дола деш а я и доладан гуьнахь долуш а.


Масех куьйгалхо хийцавелла кху тIаьхьарчу итт-цхьайтта шарахь дешаран а, Iилманан а министараллехь. Цаьрца цхьаьна хийцалуш лаьттина лакхарчу тIегIан хьаькамаш а, маьхькIамхой а.
ХIинцалц схьа хийца а ца луш, цу урхаллехь шен гIант лардеш схьавогIург ву профсоюзан цхьаьнакхетараллан Герзелиев Хизар. Министр Байханов ИсмаIал хIоттаваллалц Iедалдайша кхин дIоггара бехке дуьллуш хIума а доцуш, дика ларалуш схьавогIуш хиллачу цуьнан болх карарчу хенахь бийца баьккхина министараллехь.

Хьехархошна а, ишколан кхиболчу белхалошна а гIодарехь, церан хьашт-дезарш луьстуш, само ярехь, дукха ледарлонаш йийлийтина профсоюзо бохуш, бийцаре бина цу цхьаьнакхетараллин болх тIаьххьара дIаяьхьначу кхеташонехь.
«Школан хьаькамашна беш леткъамаш бу. Дешархошна хьехар жигарадаккха, хьехархойн белхан шовкъ лакхаяккха луш долу алапан стимул-дакъа олу ахча нийса дIаса ца доькъу бохуш, резабацарш къаьсттина дукха ду. Оцу а ,кхечу а хиламийн бала цакхочурш а хилла, юьстах Iаш ю профсоюзаш». Герггарчу барамехь ишта Iоттта-баккхаме хьехийна Герзелиевн Хизарс куьйгалдечу урхаллин болх.

«Нагахь санна хIара шо дале профсоюзан цхьаьнакхетараллан балха тIехь дикачу агIор хийцамаш ца хилахь, и дIаса а хецна, цуьнан меттана хьехархойн бакъонашларьян керла юкъаралла а кхуллур ю», - дIахьедина министро Байханов ИсмаIала. Цу кхеташонехь хьахаделла цхьацца бахьанаш а хIиттош, нагIуллакх долуш а доцуш а хьехархойн алапаш тIера ахчанаш сецадар а.

Массо школашкахь бохург санна йоккха гIовгIа лаьтта и болх жигарбаккхархьама тIедала долийначу ахчанна гонах. ХIокхара даладелла болх бина олий, цхьайолчу ишколашкахь хьехархошна 5-6 эзарнаш ахчанаш ло, кхечарна 1-2 эзар бен ца кхочу.
Дукха школаш ю, масала, цIано ечу белхалошна цу ахчанах дакъадеш, бакъду, царна и ца луш ерш а яц кIезиг. Цу тIехула а лаьтта къап-къирс, лергаш таIIийна IадIаш профсоюз а йолуш. Цу хьокъехь, шайна и дан а ма догIу, шаьш хьаькамна тIедахана а лелла бохуш, дуьйцуш бу хIара зударий, Новр кIоштан_цхьана ишколан белхалой.

«Тхойшиъ ахча схьа а эцца арайолуш, профсоюзан хьаькамо саца а йина, «Собардел, ала хIумма а дуй шун? Ахча-м ца сецадо шун?» - аьлла хаьттира. Оха тхайн коьрта хаттар ца луш долу стимул-ахча ду аьлча, цо делла жоп ишта дара. «Шуна ахча догIуш ду. Оха массо школе кехаташ дIасадахьийтина шуна ахча дIадалар тIедожош. Тхо шун школе а кховчур ду. Цу юкъагIерта гIуллакх дац цхьанненан а». Оха и ахча тхуна ца луш уггар дуьхьалваьлларг дIа-м велира».

Уьш буххера дуьйна а реза бац шайн аьтто цабечу профсоюзна. Шайн агIонча а, накъост а лорий аш ишколера профсоюзан хьаькам, аьлла хаьттича, цара дийцира кхин дIа.

«Тхан цхьа накъост а вац и хьаькам. Тхоьга хьожуш-м вац иза. ОьгIаз а воьдий, вист а ца хуьлуш, дIаса-м лела и кхузаш, ас машен стенна хоьхку моьтту шуна бохуш, веза а веш. Моьттур ду цо иза тхан дуьхьа хоьхку».

Стимул-ахча дала долалучу хенахь шайн школерчу профкоман хьаькамо аьлларг карладаьккхира кхечу школан белхалочо.

«Лурчаха и ахча дала долалуш, ша хаза кхаъ боккху шуьга, элира профсоюзан хьаькамо, шуна а лур ду ахча, аьлла. Амма дала-м ца делира. Ша галваьлла хиллера, элира тIаьхьо. Тхуна и догIуш ца хилча, кIоштахь болчу профсоюзан хьаькамаша догIу бохур дарий?»


Цо лачкъа ца дора цуьнан балхана ша резацахилар.

«Со-м яц реза. Тхуна тIе а хIоьттина, тхан бала кхача безачу меттана, хIара мелхо а тхох мостагIий а дина, геннахула лелаш ву. Тхуна хьалхаваьлла хила ца веза иза. Кхин цо гIодеш ца хилча, оха хIун до цунах?»

Профсоюзо бечу балха тIехь кхачамбацарш дагардийраш вуно дукха бу хьехархошлахь а. Цара чIагIдарца, школашка кхочуьйтуш а яц садаIа, дарба лелон курорташка а, санаторешка а кхача бакъонаш. Де эшначунна, валар-висар нисделлачунна гIодар а ду кхузахь наггахь бен нислуш доцу «тамаше» хIума. Хьехархой а, кхиболу белхалой а профсоюзна реза ца хила бахьанаш дукха ду Нохчийчохь.
XS
SM
MD
LG