ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийчоьнан зарратан программа йийцаре еш ю Женевехь



Германин арахьарчу гIуллакхийн министра Вестервалле Гидос довзийтира Женевехь дIадоьлхучу ГIажарийчоьне зарратан программа яцъяйтаран дийцаршкара хьал. «Болх кхин жамIаш долуш а бац, дуккха а дуьсу кхочушдан, амма шанс ю Iалашо йистене кхача», чIагIдо цо.

Зарратан герзан да йолчу 6 пачхьалкхо дIахьочу дийцарех дерг довзуьтуш ЕвроБертан арахьарчу политикан декъан куьйгалхочо Эштон Кетрина а, гIажаройн дипломатин хьалханчас Зариф Мохьаммада а бахарехь, докккхачу декъехь ю прогресс.

Китайн хаамийн гIирсаша, шайн дипломаташна тIе а тевжаш, боху, дийцарш толамца доьрзуче кхаьчна. Iамерко, Китайно, Оьрсийчоьно, Францино, Британис, Германис шен зарратан программа герз кхоллалур доцчу тIегIан тIе яккхаре кхойкху ГIажарийчоь. Оцу барамашна дуьхьал шаьш тоьхна лаьтта экономикан эмбарго дIаяккха чIагIо а йина цара.
XS
SM
MD
LG