ТIекхочийла долу линкаш

Лойя Жирга реза яц Карзай Хьамидна



ОфхIанистанан халкъан кхеташонан Лойя Жирган коьртехь волчу Моджаддеди Себгатуллас дIахьедина, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташца кхерамзаллин пакт сихдина тIе ца чIагIдеш волу мехкан президент Карзай Хьамид харц ву, аьлла. «Цуьнан бакъо яц и ца дан, иза доккха гIалат ду», бохура кхеташонехь Моджаддедис.

Еарий дийнахь пактах лаьцна Лойя Жиргахь Карзайс элира, гарехь пакт тIедогIучу шеран президентан харжамаш ОвхIанистанехь хилла бевлча бен тIеэца хьашт дац, аьлла.

Шина пачхьалкхо хIотточу кхерамзаллин пакто магор ду Iамеркана шен эскарш ОвхIанистанера дIадаханчул тIаьхьа массех тIеман дакъа бухадита.
XS
SM
MD
LG