ТIекхочийла долу линкаш

Дуьхьалонан акцеш дIайоьлхуш ю Украинехь


Украине Евробертаца интеграци яйтар доьхуш дуьхьалонан акцеш дIахьуш болчу Киеверчу шинан «евромайданан» лидерша дIахьедар дина, шаьш цхьаьна ду аьлла. Шинарийн дийнахь цара цхьаьна динчу дIахьедар тIехь аьлла ду, евроинтеграцина гIортор ян Украинин иттанаш гIаланашкахь урамашка арабевлла бIенаш эзарнаш нах аьлла.

Цу дIахьедарна тIе куьйгаш таIийна Киевехь Европерчу майданахь митинг дIахьош болчу оппозицин лидерша Яценюк Арсенийс а, Кличко Виталийс а, Тягнибок Олега а, Незалежности майданахь дуьхьалонан акци вовшахтоьхначу жигархоша а. Цу хеннахь суьдаша дихкина дуьхьалонан акцеш дIаяхьар Черкасскехь а, Луганскехь а, Черниговехь а, Одессехь а, Харковехь а, Днепропетровскехь а, Кременчугехь а.

Дуьхьалонан акцеш юьйлаелла Украинехь кху беттан 21-чу дийнахь, министрийн кабинето Евробертаца гергара юкъаметтигаш нисъян барт бар хьокъехь беш хилла болх сацор бахьана долуш. И барт тIеэца безаш бара кху беттан 28-чу а, 29-чу а деношкахь Вильнюсехь хир йолчу «Малхабалера партнералла» олучу саммитехь.
XS
SM
MD
LG