ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу хьоло Iаткъам бина Иракъана


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Иракъерчу векло Младенов Николайс Кхерамазаллин Кхеташонехь дIахьедар дина Шемарчу конфликто Иракъера хьал чолхе даьккхина аьлла. Цо дийцарехь, цигахь боьдуш тIом хиларо алсам даьккхина динан бух тIехь иракъахоша вовшашна ницкъ бар. Младеновна хетарехь, цу регионехь экстремизмана дуьхьал хьажийна стратеги тIеэцар мехала гIулч ю цу махкахь къепе хIотторехь.

Цо дийцарехь, кху тIаьхьарчу хенахь Шемара 200 эзар сов стаг веана тIамах ведда Иракъе. Царах дукхах берш дIатарбелла Курдистанехь. Младеновна хетарехь, Иракъерчу политикийн барт ца хиларх пайда оьцуш ю герзаца йолу экстремистий тобанаш.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло далочу терахьшца Товбеца-баттера ГIадужу-батте кхаччалц Иракъехь вийна 9 эзар маьрша вахархо а, ницкъаллин структурийн белхахо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG