ТIекхочийла долу линкаш

Женеверчу конференцехь дакъалаца дагахь вац инарла Идрис


Шеман гIаттамхойн Маьрша Армин буьйранчо инарло Идрис Салима дIахьедар дина, шена муьтIахь болчу ницкъаша дакъалоцур дац цу махкара хьал дIадерзор Iалашонца тIедогIучу шарахь Дечкен-беттан 22-чу дийнахь Женевехь хир йолчу дуьненаюкъарчу конференцехь аьлла.

«Ал Джазира» телеканалана ша еллачу интервьюхь цо билгалдаьккхина, Женева-2 конференци дIаяхьа оьшуш долу хьелаш дац аьлла. Инарло чIагIдарехь, гIаттамхоша къийсам дIахьур бу президентан Асад Башаран режим хийцар Iалашонца.

Хьалхо Шемарчу оппозицин коалицино дIахьедар динера, шаьш дакъалоцур ду Женевехь хир йолчу конференцехь, нагахь Асад президентан даржера дIавалахь аьлла.
XS
SM
MD
LG