ТIекхочийла долу линкаш

Москох мандаринаш йохка бахана гуьржий


Оьрсийчохь цитрусан стоьмаш бохка болийна Гуьржийчоьно. Цуьнах лаьцна хаам бо Маршо Радион Тбилисерчу корреспонденто Кобаладзе Григорийс.

Керла шо даздар текхочуш иттаннаш эзарнаш тоннашкахь мандаринаш а, апелсинаш а, лимонаш а яхьа дагахь бу Оьрсийчу гуьржийн юьртабахамхой.

Иза дан аьтто баьлла тIаьхьарчу хенахь Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а юкъаметтигаш тояла йолаялар бахьана долуш а, Гуьржийчура импорт яр доьхкуш Оьрсийчоьно ша тIеэцна сацамаш юхабахар бахьана долуш а.
XS
SM
MD
LG