ТIекхочийла долу линкаш

Эскаран керла буьйранча хIоттийна Пакистанехь


Армин керла буьйранчо хIоттийна Пакистанехь. Иза ву инарла Шариф Рахил. Иза барамехь волу политик лоруш ву. Цо цхьатерра ладаме лору махкарчу тIемалошкара схьаболу кхерам а, луларчу Индица дIахьош болу стратегин къовсам а.

Пакистанан Iедалша бинчу хаамца, механ эскаран цхьаьнатоьхначу штабийн куьйгалхо хIоттийна инарла Махьмуд Рашид. И ши стаг цу даржашка хIоттор мехала лоруш ду зарратан герз а долуш, чохьарчу тIемалошца кIийсам латтош йолчу Пакистанехь.
XS
SM
MD
LG