ТIекхочийла долу линкаш

Молдавино а, Гуьржийчоьно а къобалдина Евробертаца гергара юкъаметтигаш хилар


Молдавино а, Гуьржийчоьно а къобалдина Евробертаца гергара юкъаметтигаш нисъян берташ тIеэцар. Уьш тIеоьцуш официалан церемони хир ю ПIераскан дийнахь Вильнюсехь «Малхабалера партнералла» саммитехь.

Евробертаца ассоциаци йинчу пачхьалкхан аьтто хир бу Европан Бертаца мелла а гергара экономикан уьйраш лело, нагахь цу пачхьалкхо шен низамаш а, суьдан а, экономикан а системаш а Европехь лелачу системица дIанисъяхь.

Хаьлхо Еарин дийнахь Евробертан векалша шаьш халахетта хилар хаийтира Украинин Iедал цу тайпа барт бан реза ца хиларна. Украиница барт бар коьрта хилам хила безаш бара Вильнюсерчу саммитехь.

Цу форумехь дакъалоцуш бу 34 пачхьалкхан лидерш. Царах 28 ву Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн куьйгалхо. Важа 6 ву «Малхбалера партнераллана» юкъайогIучу Эрмалойчоьнан а, Азербайдажанан а, Гуьржийчоьнан а, Молдован а, Украинин а, Беларуссин а векалш.
XS
SM
MD
LG