ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъара инспекторш Араке кхайкхина ГIажарийчоьно


Дуьненаюкъарчу зарратан энергетикехула йолчу агенталло хаам бина ГIажарийчоьно ГIура-беттан 8-чу дийнахь шайн Аракехь йолчу зарратан реакторе кхайкхина дуьненаюкъара инспекторш аьлла. Цуьнах лаьцна Венехь дIахьедар дина цу агенталлан инарлин директоро Амано Юкияс.

Даханчу КIирандийнахь гIажаройн зарратан прорамма хьокъехь Женевехь барт хиллера ГIажарийчоьнан а, кху дуьнентIехь дош лелаш йолчу 6 пачхьалкхан а векалийн. ТехIрана шена тIелаьцна гергарчу 6 баттахь тIех сов цIена уран даккхаран белхаш совцо. Цул сов, гIажарой реза хилла Аракера зарратан объектехь деш долу белхаш совцо а. Цунна жоп луш, Евроберто дош делла ГIажарийчоьнна дуьхьал хьажийна йолу цхьайолу санкциш дIаяха.

Аракера зарратан реактор сагатдойтуш яра дуьненаюкъараллан, цу тайпачу объекташкахь зарратан герз деш оьшуш долу плутоний доккхуш хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG