ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайца къовсамехь Японина тIехIоьттина Iамерка


Китайна а, Японина а юкъахь гIоьртина хьал хIоьттина масех де а ду, Китай Сенкаку олучу гIайренаш тIехула кеманаш лелар шен Iуналле эца гIортар бахьана долуш. Китайх дIакъаьстина, амма Пекино шайн лоруш йолу Тайванна 170 километр генахь Iохкуш йолу и гIайренаш къуьйсуш ю Япони а, Китай а, Тайван а.

ХIинца Iамерка тIехIоьттина Японина, царна тIехула кеманаш лелар хьокъехь Китайно лаьцна позици бахьана долуш. Цуьнах лаьцна дIахьедар дина Iамеркан тIеман министро ХIэйгл Чака шен Японерчу коллегица Онодэрой Ицунорица телефонехула хиллачу къамелехь. ХIэйгла тIечIагIдина Iамеркан а, Японин а бертаца а догIуш, Япони ларйийр ю аьлла Iамерко шена тIелаьцна декхарш хьакхалуш ду Сенкаку гIайренех а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG