ТIекхочийла долу линкаш

ТIейогIучу хенахь Евробертаца гергара юкъаметтигаш нисъян дагахь ву Янукович


«Малхбалера накъосталла» цIе йолчу Вилнюсехь дIайоьдучу саммитехь Украинин президенто Янукович Виктора дош делла гергарчу хенахь Евробертаца гергара юкъаметтигаш нисъярх лаьцначу документана тIе куьг таIор ду ша аьлла. Цо дийцарехь, Украина а, Европан Барт а тIаьххьарчу этапехь бу и тайпа барт тIеэцарехь.

Цу хенахь, Киевехь, Незалежности майданехь евроинтергацин агIончаш бу дуьхьалонан акци дIахьош. Украинерчу гIаланашкахь дIайоьдуш йолчу «Евромайданан» декъашхой адамех лаьтташ йолу зIе хIотто дагахь бу Киеверчу Европан майданера Полшин дозане кхаччалц. Цу Iалашонца, вовшен куьйгаш а лаьцна цхьана могIаре дIахIотта везаш ву 500 эзар стаг.

Гергарчу шина дийнахь, дуккха а адамаша дакъа а лоцуш, керла дуьхьалонан акцеш вовшахтоха дагахь ю Украинера оппозици. П1ераскана дийнахь оппозицино кхайкхам бина махкахошка, болх охьа а тасий, министрийн кабинетан гIишло гоне а лаций, Азаров Николай коьртехь волу Iедал дожаде аьлла.

Украиница барт бар коьрта хилам хила бехаш бара Вилнюсехь дIайоьдучу саммитехь.
XS
SM
MD
LG