ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Филинна тIелатар дарна яккхий хенаш йоьху прокуроро


Оьрсийчоьнан Болшой театран балетан тобанан куьйгалхочунна Филин Сергейна юьхьтIе кислота тохийтарна 9 шо хан тохар дехна Дмитриченко Павелна Оьрсийчоьнан прокуратуро. Дмитриченкос шен бехк хилар тIецалаьцна.

Прокуратуран векло Шумовская Юлияс ПIераскана дийнахь Москох хиллачу суьдехь 10 шо хан тохар дийхира Филинна кислотаца тIелатар динчу Заруцкий Юрийна а, ткъа иштта 6 шо тохар дийхира иза шен машенахь зулам динчу метте валийначу Липатов Андрейна.

Филинан адвокатана Животкова Наталияна хетарехь, цу нахах къинхетам бан оьшуш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG