ТIекхочийла долу линкаш

Вийна 18 стаг карийна Иракъехь


Полицин белхахошна вийна 18 стаг карийна ПIераскан дийнахь Иракъехь. Iедалша бинчу хаамца, и нах Еарин дийнахь лачкъийна дIабигина хилла муьлаш бу ца хуучу наха.

Кхерамазаллин ницкъийн белхахоша а, лоьраша а дийцарехь, декъий карийна БагIдадана 30 километр йолчу коьртачу декъна сунниташ бехачу Мишахда олучу гIалан уллехь.

ХIора а цу 18-тта стагах вийна, коьртах герз а тухуш. Цу нехан гергарчара дийцарехь, уьш дIабигинарш бу эскаран техникица хилла болу тIеман барзакъ доьхна нах.

ТIаьхьарчу хенахь адамашна тIехь ницкъ бар а, уьш дайар а алсам даьлла Иракъехь.
XS
SM
MD
LG