ТIекхочийла долу линкаш

Мусаев Мурадана гIортор еш митинг хилла ХIинжа-гIалахь


Оьрсийчохь шуьйра вевзаш волчу адвокатана Мусаев Мурадана гIортор еш митинг хилла ПIераскан дийнахь Дагестанан коьртачу шахьарахь ХIинжа-гIалахь. Кавказский Узел интернет агенталло бинчу хаамца, цу митингехь дакъалоцуш вара 200 гергга стаг.

И акци цу наха вовшахтоьхнера, Дагестанан юстицин министралло бакъо а елла. Оьрсийчоьнан Талламан комитето ши бехк-такхаман гIуллакх схьадиллина Мусаев Мурадана дуьхьал. Иза бехке веш ву теш эцарна а, суьдан балхана юкъагIертарна а.
XS
SM
MD
LG