ТIекхочийла долу линкаш

Евроинтеграцин агIончаш юха а митинге гулбелла Киевехь


Евроинтеграцин агIончаш юха а митинге гулбелла Киевехь. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, цу акцехь дакъалоцуш ву 4 эзар стаг. Демонстранташца цхьаьнакхетта Канадин а, Полшин а, Балтин пачхьалкхашкара а векалш а, Евробертан Украинехь йолчу векаллалан куьйгалхо Томбинский Ян а. Кхин а 2 эзар гергга дуьхьалонан акцин декъашхо ву цу майданна уллехь йолчу Михайлан килсан кертахь.

Украинин парламентехь йолчу «Батькивщина» олучу фракцин лидеро Яценюк Арсенийс дIахьедар дина, оппозици кечлуш ю берриг а махкахь болх охьатасар дIадахьа аьлла. Набахтехь хан токхуш йолчу «Батькивщина» партин лидеро, Украинин премьер-министр хиллачу Тимошенко Юлияс кхайкхам бина украинахошка ГIура-беттан 1-чу дийнахь «халкъан вече» гулло, Янукович Викторан режим машаран некъаца дIаяккхалц дIаса а ма довла аьлла.

Шоьтан дийнахь Украини чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, Незалежности майданахь лаьцна волу 35 стаг дIахецна. Милицин куьйгалхоша чIагIдарехь, митинган декъашхоша дуьхьало йина милцошна, цундела уьш дIасалаьхкина майданера.

Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, милицин лерринчу тобанан декъашхоша чхьонкарш а, мийраш а бетташ, лаьттахула текхийна демонстранташ. Лоьрашка гIо дехна 44 стага.

Цу хеннахь, шен дарж дитина президентан администрацин куьйгалхочо Лёвочкин Сергейс. Цхьаболчу хаамашца, иза реза вац милицино Киевехь лелийначунна.
XS
SM
MD
LG