ТIекхочийла долу линкаш

Iамерка кийча ю Шеман дIаьвше герз хIаллакдан


Iамеран Цхьаьнатоьхна Штаташ кийча ю Шеман дIаьвше герз дIадаккхар шена тIелаца. Шоьтан дийнахь ДIаьвше герз дехкарехьа йолчу организацино динчу дIахьедар тIехь аьлла, ду и операци дIахьура ю 2014-гIа шо юккъедаьлча Дуьненаюкъарчу хIордочохь Iамеркан хIордан кемантIехь аьлла.

Цу организацино бинчу хаамца, 35 компани кийча ю и Iалашо кхочуш яйта шайн нехаш яго пешаш яла. Шема шен дIаьвше арсенал хIаллакъяйта реза хилира, Iамерке шена тIеман тохарш ца дайта.

Цу тайпа кхерам теснера Вашингтоно Асад Башаран режимана, цо гIаттамхошца кIийсам дIахьош кху шеран Марсхьокху-баттахь дIаьвше герзах пайда эцначул тIаьхьа. И бахьаана долуш вийра маситта бIаь стаг.
XS
SM
MD
LG