ТIекхочийла долу линкаш

Хьан лечкъадо Нохчийчохь зудабераш?


Нохчийчура зудабераш Кадлыров Ахьматана леринчу гайтамехь, Соьлж-гIала, 01Ман2009

Нохчийчура зудабераш Кадлыров Ахьматана леринчу гайтамехь, Соьлж-гIала, 01Ман2009

ТIаьхьарчу масех баттахь Нохчийчохь лачкъийна цхьа моггIа зудабераш. Дукха хьолехь уьш цул тIаьхьа цкъа а кара ца до. Хьан лелош ду и зуламаш, хууш дац. И бахьанехь юкъараллехь боккха сингаттам кхоллабелла.

Таханлерачу дийнахь, нохчийн ницкъаллийн структураш лохуш ю, дIабаьллачу лахьанан баттахь, 18-чуй, 20-чуй деношкахь, тIаьхьий-хьалхий лачкъийна ейна йолу ши йоI. Болчу хаамашца, Соьлжа-гIалара яхархо Хайдарова Мадина I5 шо долуш йолу, ейна, гIала юккъахь.

Цхьадолчу тоьшалшца, иза тIаьххьара гина ю боху Старопромыслан кIоштехь. ГIала мел ю, машенаш тIе а, автобусан социйлашкахь а, наха дукха гуллучу меттигашкахь а, дIадиттина ду, цу йоIан суьрташ. Айкхална ахча а кхайкхина цуьнан гергарчара, амма, гарехь, цкъачуьнна цхьанна а тайпа ларш гучйоьвла яц.

Ишшта, холчу хьоьттина хьийзаш бу, ейначу Даурбекова Заринийн гергар берш а. Иза ейна 20 дийнахь,автобусан социйлера цIа йоьдуш. Иза лачкъийна хилар шеконехь доцийла гойтуш хIума ду- нахана хезна цуьнгара мохь болуш.

Махкахь, кхечу мел хуьлучу хIуманна, некъа бохамашкахь нах леш хиларна а, дарбан хIусамашкахь цомгушчеран дог оьцуш лоьраш ца хиларна а, терго еш ю Iедалша, амма, зудабераш довш хиларна, цхьан ца кхетачу хьелашца тIе тидам бохуьйтуш дац. Иза бохург дац, и зуламаш, кIоршме дац аьлла. Маршо радиога, шена цуьнах хетарг дийцира, махкахь йоьвзучу юккъаралхочо Саратова Хедас.

Саратова Хеда: «Сан цхьанатохаралле и зудабераш дайначеран гергарчаьргара арз деана дац, амма, сан белхан накъосташка цара орца даьккхинийла суна хууш ду. Соьга хаьттича, цулла кIоршме хила йиша а йоцуш, хала хIума ду, зудабера дайна бохург. Иза денна, нанна а, тайпан, тукхамна а бала бу иза. Кхо йоI ейначу зудчуьнца къамел дина ас. ТIамехь а , тIом дIабаьлча, 2008 шарахь а, ши йоI чуьра дIайигна цуьнан. Церан ваш тIамехь дакълоцуш хиларна ду бохуш а цхьацца хIумш а ду дуьйцуш. Иза муха а хилча а, зударшна тIе куьг кховдор, цулла дастам хIума хIун хира ду ца кхета. ЧIогIа ирча хIума ду иза».

И ши йоI хилла Iаш яц, ишшта ейна. Жимма хьалхо, кхин шиъ ю мичахъь ю ца хууш. Вахабова Индира а, Элимханова Хадишт а ю цу шиннан цIераш. И терахьаш тIом боьдучу хенахь а, дукха дара, ткъа, мел волу зуламхо хьаьшна дIаваьккхинчу махкахь, и хIумш хилар, цхьан тамашийначу, кхета хала долчу хьоле доьрзу. И санна долу заламаш, гучу ца дахало талламхошка. Цундела, стаг лачкъочеран аьтто болу, иза миччанхьа а дан.

Нах дукха болчу меттехь а до иза. Масла, Элимханова Хадишт лачкъора тIедаьккхина, цхьана туьканна тIехь йолчу видеокамеро. И тоьшалла доллушехь, и зуламхой гучубаккханза бу. Тамашийна дерг кхин ду, теш хилчу наха, гIара ца доккху иза. Кхоьруш бу. Кхин дIа а дийцира юккъаралхочо Саратова Хедас.

Саратова Хеда: «Кхерам тесна церан даг тIе. Наташа (Эстемирова) дIаюьгучу хенахь, цо орца дехна а хилла хьуна. Цунна лулахь Iаш цхьа зуда ю боху. Цунна гина хилла иза. ша юьйла ца хоуьйтуш, цо къайлахь аьлла иза. Ишшта нахалла даьллера цуьнан гIуллакх. ХIинца и зуда, сайн гарна кхоьруш ю со. Ган а ца лаьа суна иза. Ирча хIума ду иза.

Суна хетарехь, со йойтура яра ас, гIо доккхуш. Делахь а. наха чIогIа кхоьруш бу. Шаьш кхоьллина васт ю, нах дIакхуьллучу нах бохуш. Делахь а, цхьанахь дахча а, Iедалан белхахой хуьлийла уьш, цара а леладо гIо дан гIерташ, цхьа сурт. Цхьаммо аьлча чекха ца далахь а, шиммо, кхаамо, иттамо аьлча а , гIуллакх хира дацара теша? И кхерар, чIогIа хала хIума ду-кх иза. ЧIогIа тесна-кх церан даг тIе иза. Цкъа, мацца а дIабера бу-кх иза».

Полицино, зудабераш лачкъорах болийначу талламан хьокъехь хаамийн гIирсашкахь хаамаш ца бо, талламан зе ца дархьам, амма, хIинцалца схьадогIуш ма хиллара, царна тIаьхь уьш кхиахь тамаш бу. Цундела, шаьш бахархоша гучудоккху, шай-шай зудабераш уллехь цхьаъ воцуш ара ца долуьйта бохуш. Кхерам дагчуьра дIаболуш а бац церан а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG