ТIекхочийла долу линкаш

Киевера майдан кхехкаш ю


Киевехь, Украинин Iедалан гIишлошна хьалха шайн реза ца хилар гайта гулбеллачу бIеннаша наха го бина, Iедалан хьукхматашна. Европан бертаца уллера гергарло тасаран хьокъехь барт чIагIбан дуьхьал ваьллачу президентана Янукович Викторна цара тIедиллина, шегара дарж охьадиллар.

БIеннаша наха четар-гIаланашкахь буьйса яьккхира Йозуш Ца Хиларан Майданехь. Царна тIекхетта кхин а нах. Оппозицино кхайкхам бина ша болчу украинхошка, шинарин дийнахь Iедал карчон арадовла, аьлла.

Кхузахь алссам: http://www.radiomarsho.com/content/article/25187347.html
XS
SM
MD
LG