ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карзайс латкъамаш бо, Iамерко Шина АгIонан Кхерамазаллин Берта кIел куьйг таIадайта Iалашонца тIеIаткъам бо, бохуш


ОвхIан пачхьалкхан президенто Карзай Хьамида Iамерка бехке йина, шега Шина АгIонан Кхерамазаллин Берта кIел куьйг таIадайта Iалашонца, цо тIеман сурсаташ арадахарна. Карзайн администрацино кIиран дийнахь арахецначу дIахьедаро бахарехь, «хаъал ягорг кхачор жимдарца а, овхIанхойн эскарна а, полицина а гIортор яран сервисаш дIаяхарца а, ОвхIан пачхьалкхе Шина АгIонан Кхерамазаллин Берта кIел куьг таIадайта беш тIеIаткъам бу». Вошингтоно керстабина шега Карзайс кхийдон бехкаш.

Даханчу кIирнахь Карзайс кхайкхам бина Iамерке, цу берта кIел ша куьг таIадале, тIалибашца машаре дагадовларш доладале а, овхIанхойн хIусамашна деш долу тIелетарш совцаде, аьлла.

2014-чу шарахь цу махкара Iамеркан эскарш арадаьхначул тIаьхьа, цигахь юьсур йолу дуьненаюкъара тIеман мисси кхоллар ю цу бертехь юьйцуш ерг. Вошингтоно дIахьедар дина, нагахь санна и барт сихха чIагI ца бахь, шайн карахь кхин хIумма дуьсур дац, Iамеркан а, НАТОн эскарш арадаха доладар бен, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG