ТIекхочийла долу линкаш

Гуьржийчоьнан Iедало дакъа лоцур дац Сочера Iаьнан Олимпан ловзарийн официала декъехь


Гуьржийчоьнан Iедалан делегаци гIур яц, Iаьнан Олимпан ловзарш схьадоьллуш, Сочехь хир йолчу официала мероприятешкахь дакъа лаца. И аьлла, Russia Today телевизионе хаам бина, гуьржийн премьер-министро Гарибашвили Ираклийс. Оццу хенахь, гуьржийн спортхоша дакъа лоцур ду Сочера Iаьнан ловзаршкахь.

Гуьржийн Iедалан векалшна цига баха ца лааран коьрта бахьана ду, Сочера Олимпан стадионехь, куьйгалхойн гIенташкахь, Оьрсийчоьно гIо а деш, шаьш шайша йозуш ца хилар дIакхайкхийначу Абхазин а, Къилба ХIирийчоьнан а президенташца цхьана хиина Iиен ца лаар.
XS
SM
MD
LG